СаӀудийн Ӏаьрбийчоь

Паччахьалла СаӀудийн Ӏаьрбийчоь (Ӏаьр. المملكة العربية السعودية) — Азера Ӏаьрбийн ахгӀайренан йоккха пачхьалкх ю. Мехкдаьтта доккхуш а, хьал долуш а бу СаӀудийчоьнан мохк. Къилбаседа-малхбалехьа ГӀажарийн аймаца гуо баьккхина бу, малхбузера — ЦӀен хӀорданца а.

СаӀудийн Ӏаьрбийчоь
المملكة العربية السعودية
Байракх ХӀост
Девиз: «АллахӀ воцург Дела вац,
АллахӀ-делан элча Мухьаммад ву
[1]»
Шатлакхан Илли: «Декъала хуьлда паччахь!
ГӀарабаларе а, алсам хиларе а гӀерта!»
Кхоьллина 1932-чу шеран 23 сентябрехь
Официалан мотт Ӏаьрбийн
Коьрта гӀала Рияд
Яккхий гӀаланаш Рияд, Макка, Мадинат, Джиддат
Урхаллин тайпа Абсолютни монархи
Паччахь
Принц
Салман бин Ӏабдул-Ӏазиз
Мухьаммад бин Найиф
Пачхьалкхан дин ислам, сунниташ
Латта 12-гӀа дуьненахь
  Дерриг 2 149 000 км²
Бахархой
  Мах хадор (2013) 26 939 583[2][3][4] стаг
ДЧС
  Дерриг (2011) 691,5 млрд[5] долл. (24-гӀа)
  ХӀораннан а сина 24 200[5] долл.
АДКМ|ИЧР (2013) 0,782[6] (лакхара; 57-гӀа меттиг)
Бахархойн цӀерш саӀудий, Ӏаьрбий
Ахча СаӀудийн риал
Интернет-доменаш .sa, السعودية.
Код ISO SA
Код МОК KSA
Телефонан код +966
Сахьтан асаш +3
Автомобилийн некъаш аьтту[d][7]

Наггахь СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан цӀе йоккху: «Шина маьждиган мохк» олий, хӀунда аьлча, цигахь исламан коьрта сийлахь-еза ши гӀала ю: Макка а, Мадинат а.

Ӏаьрбийн маттахь мехкан йоцца цӀе: (Ӏаьр. السعودية Ас-СуӀудиййат) ю. СаӀудийн Ӏаьрбийчоь хӀинцалерачу хенахь — дуьненан кхаа пачхьалкхех цхьаъ ю, шен урхаллин СаӀудийн династин цӀе лелош йолу.

Географи

Къилбседехь Урданца а, Ӏиракъца а доза ду. Малхбалехь Кувейтца, Къатарца, Бахрейнца, Цхьаьнакхетта Ӏаьрбийна Эмираташца а доза ду. Къилбехь Йеменца, Ӏоманца доза долуш бу. Малхбалехь ГӀажарийн чукхет-хӀорданца а, малхбузехь ЦӀен хӀорданца а аре йолуш мохк бу.

СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан хьалхара паччахь Ӏабдул-Ӏазиз Аль СаӀуд

Истори

Ӏаьрбийн ахгӀайрехь VII-чу бӀешаран юххехь Маккахь дӀадоладелла хилла Мухьаммад бин ӀабдуллахӀин пайхамаралла, маккин деланийхоша харцвина хилла иза. 13 шо чекхдаьлча иза Мадинате (Ясрибе) дӀакхелхина, цигахь Ӏаш хилла Ӏаьрбий а, жуьгтий а. ТӀаьххьарчаьрца машаре барт берзийна хилла. Цуьнан лархой хуьлуш массо а Ӏаьрбийн ахгӀайренан Ӏаьрбий хилла.

Ӏаьрбийн Халифат

632-чу шарахь Мухьаммад пайхамар кхелхина чул тӀаьхьа, Мадинатан гӀала кхоьллина хилла Ӏаьрбийн Халифат, Ӏаьрбийн ахгӀайренан массо латта юкъалаьцна хилла цо.

Хьалхара СаӀудийн пачхьалкх

1744-чу шарахь дӀайолаелла СаӀудийн пачхьалкх, Ӏаьрбийн ахгӀайренан центральни регионехь. Меттигера урхалча Мухьаммад бин СаӀуд а, ваххӀабизм диллина Мухьаммад бин Ӏабдул-ВаххӀаб а цхьаьнакхетта Ӏусманан империн дуьхьала, еккъа цхьа чӀогӀа пачхьалкх кхолла Ӏалашо а йолуш хилла уьш.

1824-чу шарахь ШолгӀа СаӀудийн пачхьалкх кхоьллина хилла.

СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан паччахьалла кхоллар

СаӀудийн Ӏаьрбийн империн паччахь хилла Ӏабдул-Ӏазиз бин Ӏабдуррахьман Аль СаӀуд, 1893-чу шарахь эккхийна хилла иза, Кувайтахь хилла иза. 1902-чу шарахь 22-шо долуш волу Ӏабдул-Ӏазиза дукха эскар гулдина Рияд схьаяккха. 1912-чу шарахь Ӏабдул-Ӏазиза ерриге Неджд схьаяьккхина хилла. 1925-чу шарахь Макка а, ерриг Хьиджаз а схьаяьккхина цо. Иза схьаяьккхина бахьанехь цара кхоьллина Недждан а, Хьиджазан а Паччахьалла.

1932-чу шаран 23 сентябрехь Неджадан а, Хьиджазан а цӀе хийцина «СаӀудийн Ӏаьрбийчоь» аьлла.

Пачхьалкхан дӀахӀоттам

Салман паччахь

СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан пачхьалкхан дӀахӀоттам билгалбина бу Паччахьаллин Коьрта законца, цунах олу СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан урхаллин коьрта низам, 1992-чу шарахь тӀелаьцна иза. Цо ма-бохху СаӀудийн Ӏаьрбийчоь абсолютни монархи ю, хьалхара паччахьан Ӏабдул-Ӏазизан кӀенташца а, церан берашца а урхалла деш йолу. Церан законаш исламан шарӀаца кхоьллина ду.

Пачхьалкхан куьйгалхо паччахь ву. ХӀинцалерачу хенахь СаӀудийн Ӏаьрбийчохь куьйгалла деш верг мохк биллинчунна кӀант Салман бин Ӏабдул-Ӏазиз ву, СаӀудийн династера ву иза. Церан бакъонан массо а гаьннаш паччахьан муьтӀахь ду.

Адаман бакъонаш

СаӀудийн зуламан бакъонаш шарӀаца кхоьллина ю. Церан махкахь кхерамца магийна дац алкоголь а, наркотикаш а, марзлуш долу ловзарш а лело.

Къола дича тӀара (куьг) доккха[8]. Зина дича валлалц шед а етта, тӀулгаш а детта. Гомосексуализм дича валлалц таӀзар до[9].

Цхьаъ вийча а, холмачалла дича а, иштта вен суд йо.

Климат

СаӀудийн Ӏаьрбийчохь йолу климат чӀогӀа йокъо хӀуттуш ю. Ӏаьрбийн ахгӀайре — иза аьхка даим 50 °C хьалайолуш дуьненахь йолчу кӀеззиг меттигех цхьаъ ю. Наггахь ло догӀу Джазан олучу лам тӀехь. Уггаре лахара температура 8 °C ю.

СаӀудийчоьнан административни декъадалар

Административные округа Саудовской Аравии

СаӀудийн Ӏаьрбийчоь 13 административни округах екъна ю[10] (Ӏаьр. المناطق الإدارية):

#
карта тӀехь
Административни
округ
Ӏаьр. Административни
центр
Майда,
км²
Бахархой,
адам.
(2015)
[11]
Чордо,
адам./км²
16РиядالرياضРияд404240791086419,57
211Маккаمكة المكرمةМакка153128809947352,89
34Мадинатالمدينة المنورةМадинат151990206138313,56
45Аль-КъасимالقصيمБурайдат58046140297424,17
57Малхбалехьара провинциالمنطقة الشرقيةАд-Даммам67252247628717,08
68ӀасирعسيرАбхӀа76693219446328,61
713ТабукتبوكТабук1460729074946,21
89ХьаильحائلХьаиль1038876858206,60
92Къилбаседера дозаالحدود الشماليةӀарӀар1117973674333,29
1010ДжазанجازانДжазан116711568727134,41
1112НаджранنجرانНаджран1495115817893,89
121Аль-БахьатالباحةАль-Бахьат992147175547,55
133Аль-ДжавфالجوفСакака1002125063725,05
ерриг21496903152141814,66

Хьажоргаш

Азин пачхьалкхаш
Азербайджан¹ · Эрмалойчоь · ОвхӀан · Бангладеш · Бахьрайн · Бруней · Бутан · Малхбален Тимор · Вьетнам · Гуьржийчоь¹ · Мисар² · Израиль · ХӀинди · ХӀиндонези ³ · Урдан · Ӏиракъ · Иран · Йемен² · Кхазакхстан ¹ · Камбоджа · КъатӀар · Кипр¹ · ГӀиргӀазойчоь · Цийн Халкъан Республика · Корейн Халкъан-Демократин Республика · Кувайт · Лаос · Ливан · Малайзи · Мальдиваш · Монголи · Мьянма · Непал · Ӏаьрбийн Цхьаьнатоьхна Эмираташ · Ӏоман · Пакистан · Росси4 · СаӀудийн Ӏаьрбийчоь · Сингапур · Шема · Таджикистан · Таиланд · Туркмени · Туркойчоь4 · Узбекистан · Филиппинаш · Шри-Ланка · Къилба Корей · Япон

Къобалъянза а, цхьаццамма къобалйина а пачхьалкхаш: Республика Абхази · Азад Кашмир · Ва (пачхьалкх) · Вазиристан · Ӏиракъан Курдистан · Тайвань · Ламанийн-Карабах · Палестина (пачхьалкх) (Газа секторан а, Урдан хин малхбузен хийистан а латта ) · Тамил-Илам ·Къилбаседа Кипран Туркойн Республика · Шан Пачхьалкх · Къилба ХӀирийчоь


Йозуш йолу мехкаш: Акротири а, Декелиа а · Британин латта Индин океанехь (арх. Чагос) · Гонконг · Аомынь (Макао)


¹ Цхьа дакъа Европехь я еррига Азехь, дозане хьаьжина. ² Кхин Африкехь. ³ Кхин Океанехь. 4 Кхин Европехь.

Билгалдахарш

  1. العلم السعودي.. سيف القوة وراية التوحيد (18 أغسطس 2009). Хьаьжна 12 أكتوبر، 2014.
  2. Census.gov Country Rank. Countries and Areas Ranked by Population: 2013. U.S. Department of Commerce (2013). Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 9 майхь. Теллина 2013 шеран 9 майхь.
  3. Справочник ЦРУ по пачхьалкхм мира (2012)
  4. В том числе около 5,6 млн. иностранных рабочих.
  5. Справочник ЦРУ по пачхьалкхм мира (2012)
  6. Human Development Report 2013 (ингалс.). United Nations Development Programme (2013). Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 13 августехь.
  7. http://chartsbin.com/view/edr
  8. Saudi Arabia cuts off thief's hand as punishment (ингалс.). Haaretz. Теллина 2015 шеран 21 февралехь.
  9. Where is it illegal to be gay? (ингалс.). BBC. Теллина 2015 шеран 21 февралехь.
  10. Кеп:Атлас мира
  11. Распределение и прогноз динамики населения королевства по административным округам (Ӏаьр.). Центрный департамент статистики и информатики Саудовской Аравии (2014). Теллина 2014 шеран 1 июлехь.

  СаӀудийчоь

This article is issued from Wikipedia. The text is licensed under Creative Commons - Attribution - Sharealike. Additional terms may apply for the media files.