Сахьтан аса

Сахьтан асанаш кхоллар (сахьтан зонаш — time zones) доьзна ду, цхьаьна агӀора, Дуьне шен семан гуонахьа хьийзарца лара гӀертарх, ткъа кхечу агӀора, гергара меттигера мелхан хан юкъахь цхьацца сахьт бен доцуш долу мехкаш билгалдахархьама (хенан зонаш). Барт хилира 24 административан сахьтан аса ян, хӀора а аса географин сахьтан асанца мелла а тера йогӀуш хила еза аьлла. Хан лара йолийра гринвичан меридиан тӀиера, (нолан меридиан, нолан сахьтан асан юккъера меридиан).

Сахьтан аса кхетаман ши маьӀна ду:

  • Географин сахьтан аса — дуьненан тӀехула ойланца яьккхина 15° (± 7,5° юккъера меридианан дехьа а, сехьа а) шуьйра аса. Дуьххьарчу сахьтан асан юккъера меридиан лору гринвичан меридиан.
  • Административан сахьтан аса — тӀехь законо билгала хан хӀоттийна дуьненан. Административан сахьтан асан кхетам юкъатуху кхин а терахьаш цхьаьнакхетар — оцу хьолехь, масала, аса UTC−10:00 а, UTC+14:00 а лору тайп-тайпана, цигахь шинхьа де-буьйсан хан цхьаъ йоллушехь.

ХӀинца хан хӀоттайо дерриг дуьненан координаци йина хенаца (UTC), иза Гринвичан хенан (GMT) меттана юкъаяьккхина. UTC шкалан бух бу цхьа барам болчу атоман хенан шкалаца (TAI), иза ю аьтту болуш нахана юкъахь лело. Дуьненан гуонахьа нолан меридиан тӀиера лерина сахьтан асанаш хуьлу бакъхьара а (малхбалехьа) а, харцхьара (малхбузехьа) дӀасахилла UTC тӀиера. Аьхкенан хан лелочу мехкийн сахьтан аса, хийцало UTC тӀиера аьхкан заманахь.

Россехь 2011 шарахь дуьйна законаца чӀагбина кхетам сахьтан зона.

Сахьтан асанаш

Дозатохаран принципаш

Таханлера сахьтан асанийн бух бу дерриг дуьненан координаци йина хан, цунах йозу ерриг сахьтан асанийн хан. ХӀора дукхаллин градусан (я хӀора минотана) меттигера хан ца хоттохьама, Дуьне доькъу 24 сахьтан асане. Цхьаьна сахьтан асанера кхечу асане ваьлчи миноташ а, секундаш а ма-ярра юьсу, хийца ца ло сахьт бен. Цхьацца пачхьалкхашкахь, меттигера хан къастало дерриг дуьненачух дийна сахьташ доцуш, кхин а тӀе 30 я 45 минотана.

Теоретикехь дуьненан горгалан 24 сахьтан асанийн дозанаш хӀора асанан юккъерачу меридианан дехьа а, сехьа а 7,5° гена йоьдучу меридианашца хила деза, цу тӀе гринвичан меридианан гуонаха лела дерриг дуьненан хан. Амма меттигашкахь, цхьаьна я масех административан махкахь цхьа хан хилийтархьама, асанийн дозанаш дӀасахилийна меридианийн теоретикан дозанал. Меттигашкахь сахьтан асанаш йовш меттигаш а нисло. И амал ю 60° шораллал лакхарчу регионийн, масала: Аляска, Гренланди, Российн къилбаседа регионаш.

Къилбаседа а, Къилба а полюсашкахь меридианаш цхьаьнакхета, цундела сахьтан асан кхетаман маьӀна дов, цуьнца цхьаьна меттиган хенан а. Полюсашкахь дерриг дуьненан хан лело езаш лору, амма Амундсен-Скотт (Къилба полюс) станцехь лела Керла Зеландин хан.

Аьхкенан хан

     Аьхкенан хенан тӀейовлу регионаш      Аьхкенан хенан тӀевалар дӀадаьккхина регионаш      Цкъан а аьхкенан хан лелийна йоцу регионаш
Коьрта яззам: Аьхкенан хан

Кхин тӀе а сахьтан асанийн системана чолхалла йо дукхачу пачхьалкхашкахь аьхкенан хан лелоро. Аьхкенан хене дехьабовлуш дерриг дуьненан хенал шайн хан дӀатотту. Цу тӀе массанхьа а дехьа я сехьавалар цхьаьна хенахь а ца леладо. Цул сов, нагахь къилба эхиг тӀехь аьхке елахь, къилбаседа эхиг тӀехь Ӏа хуьлу.

Декретан хан

Декретан хан — 1930—1931 шерашкахь ССРС юкъадаьккхина хенан низам «асанан хан тӀе цхьаъ сахьт тохар».

Сахьтан асанаш тайп-тайпана мехкашкахь

Цхьацца пачхьалкхийн мехкашкахь масех сахьтан аса лелайо. Уггаре дукха сахьтан асанаш ю Российн материкан декъехь (11). Цхьайолу пачхьалкхаш дукха сахьтан асанаш юкъахь ю гӀайренийн а, хӀордал дехьара а мехкаш бахьнехь:

Дукхах йолчу пачхьалкхийн мехкаш (оцу юкъахь Франци а, Йоккха Британи а, церан хӀордал дехьара мехкаш а, латтанаш а) лаьтта цхьаьна сахьтан асанехь. Цхьаерш еха ю пачхьалкхан географин меридианца, цара цхьа аса лелайо. Масала, Цийн латта пхеа географин сахьтан асанехь ю, амма церан берриге а махкахь цхьа хан ю, Цийн стандартан хан.

Цхьацца пачхьалкхашкахь административан-мехкан дакъошкахь лелайо шиъ я сов сахьтан асан хан. Масала, кхаа сахьтан аса лелайо Российн Федерацин субъект йолчу Республика Сахано (Якути) а, канадан мехко Нунавута а.

АЦШхь а, Канадехь а сахьтан асанийн доза доькъу штато, провинцис я мехко, хӀунда аьлча цхьаьнан я вукхан мехкан долахь хилар я асанехь хилар билгалдоккху шолгӀачу низаман административан-мехкан тӀегӀанехь (графалла я гуонаш).

Шиъ я сов сахьтан асанаш йолу пачхьалкхаш

Таблицехь гайтина цхьацца пачхьалкхаш, материкан я коьртачу мехкан декъехь шиъ я сов сахьтан аса лелош йолу (масала, ХӀиндонези).

СтранаЧисло часовых
поясов
Самый западный
часовой пояс
Самый восточный
часовой пояс
Переход на
летнее время
Австрали Австрали3UTC+8UTC+10массанхьа яц
Бразили Бразили3UTC−5UTC−3массанхьа а яц
Демократин Республика Конго Демократин Республика Конго2UTC+1UTC+2яц
ХӀиндонези ХӀиндонези3UTC+7UTC+9яц
Кхазакхстан Кхазакхстан2UTC+5UTC+6яц
Канада Канада6UTC−8UTC−3:30массанхьа яц
Мексика Мексика4UTC−8UTC−5массанхьа яц
Монголи Монголи2UTC+7UTC+8яц
Росси Росси11UTC+2UTC+12яц
АЦШ АЦШ5UTC−9UTC−5массанхьа а яц

Сахьтан асанийн исписка

Сахьтан
аса
Оцу сахьтан асан хан лело пачхьалкхаш а, мехкаш а,
шайн официалан хан санна дерриг шарахь я Ӏаьнан заманахь
Билламе цӀе
UTC−12терахь хийцадаларан аса
UTC−11Американ Самоа
UTC−10АЦШ (Гавайш)
UTC−9АЦШ (Аляска)
UTC−8Канада, АЦШ, Мексикакъилбаседаамерикан тийнаокеанан хан
UTC−7Канада, АЦШ, Мексикаломан хан
UTC−6Канада, АЦШ, Мексика, Гватемала, Белиз, Гондурас, Сальвадор, Никарагуа, Коста-Рикаюккъераамерикан хан
UTC−5Канада, АЦШ, Мексика, Багаман гӀайренаш, Куба, Гаити, Ямайка, Панама, Колумби, Эквадор, Перу, Бразиликъилбаседаамерикан малхбален хан, къилбаамерикан тийнаокеанан хан
UTC−4Канада, Доминикан Республика, Пуэрто-Рико, Венесуэла, Гайана, Бразили, Боливи, Парагвай, Чилиатлантикан хан
UTC−3:30Канада (Ньюфаундленд)
UTC−3Дани (Гренланди), Бразили, Аргентина, Уругвай, Чиликъилбаамерикан малхбален хан
UTC−2юккъераатлантикан хан
UTC−1Португали (Азорийн гӀайренаш), Кабо-Верде
UTC+0Исланди, Йоккха Британи, Ирланди, Португали, Марокко, Испани (Канарийн гӀайренаш), Малхбуза Сахьара, Мавритани, Сенегал, Гамби, Мали, Гвиней-Бисау, Гвине, Сьерра-Леоне, Либери, Буркина-Фасо, Кот-д’Ивуар, Гана, Тогомалхбузаевропан хан, малхбузаафрикан хан
UTC+1Европа: Австри, Албани, Андорра, Бельги, Босни а, Герцеговина а, Ватикан, Германи, Гибралтар, Дани, Испани, Итали, Косово[~ 1], Лихтенштейн, Люксембург, Мажарчоь, Македони, Малта, Монако, Нидерландаш, Норвеги, Польша, Сан-Марино, Серби, Словаки, Словени, Франци, Хорвати, Черногори, Чехи, Швейцари, Швеци
Африка: Алжир, Ангола, Бенин, Габон, ДРК, Камерун, Республика Конго, Намиби, Нигери, Тунис, ЮАР, Чад, Экваторан Гвиней
юккъераевропан хан, малхбуза юккъераафрикан хан
UTC+2Финлянди, Эстони, Латви, Литва, Росси, Украина, Молдави, Румыни, Болгари, Греци, Кипр, Шема, Ливан, Израиль, Урдан, Ливи, Мисар, ДРК, Замби, Малави, Мозамбик, Зимбабве, Ботсвана, КЪАР, Свазиленд, Лесотомалхбаленевропан хан, калининградан хан, киевн хан
UTC+3Росси, Республика Абхази[~ 1], Белорусси, ДХР[~ 2], ЛХР[~ 2], Къилба ХӀирийчоь[~ 1], Туркойчоь, Ӏиракъ, Къилбаседа Кипран Туркойн Республика[~ 1], Кувайт, Днестрйисттера Молдавин Республика[~ 2], СаӀудийн Ӏаьрбийчоь, Бахьрайн, Катар, Судан, Эритрей, Йаман, Джибути, Эфиопи, Къилба Судан, Сомали, Сомалиленд[~ 2], Уганда, Кени, Танзани, Мадагаскармоскохан хан, малхбалеафрикан хан
UTC+3:30Иран
UTC+4Росси, Гуьржийчоь, Эрмалойчоь, Азербайджан, Ламанийн-Карабах[~ 2], Ӏаьрбийн Цхьаьнатоьхна Эмираташ, Омансамаран хан
UTC+4:30Афганистан
UTC+5Росси, Кхазакхстан, Узбекистан, Туркмени, Таджикистан, Пакистанекатеринбурган хан
UTC+5:30ХӀинди, Шри-Ланка
UTC+5:45Непал
UTC+6Росси, Кхазакхстан, ГӀиргӀазойчоь, Бутан, Бангладешомскан хан
UTC+6:30Мьянма
UTC+7Росси, Монголи, Таиланд, Лаос, Камбоджа, Вьетнам, ХӀиндонезикрасноярскан хан
UTC+8Росси, Монголи, Цийчоь, Тайвань[1], Филиппинаш, Малайзи, ХӀиндонези, Австралииркутскан хан
UTC+8:45Австрали
UTC+9Росси, КХДР, Республика Корей, Япон, ХӀиндонезиякутскан хан
UTC+9:30Австрали
UTC+10Росси, Папуа — Керла Гвиней, Австраливладивостокан хан
UTC+10:30Австрали
UTC+11Росси, Соломонан гӀайренаш, Керла Каледонимагаданан хан
UTC+12Росси, Маршаллан гӀайренаш, Кирибати, Фиджи, Керла Зеландикамчаткан хан
UTC+12:45Керла Зеланди (архипелаг Чатем)
UTC+13Кирибати, Самоа, Тонга
UTC+14Кирибати (Лайн гӀайренаш)
  1. Ахкъобалйина пачхьалкх
  2. Къобалцайина пачхьалкх

Хан

Терахьашца хан гойту сахьат:

Хьажа. кхин

Билгалдахарш

Хьажоргаш


This article is issued from Wikipedia. The text is licensed under Creative Commons - Attribution - Sharealike. Additional terms may apply for the media files.