Метр

Метр (нохчийн билгало: м; дуьненаюкъара: m; схьадаьлла шира.-грек. μέτρον «барам, дустург») — Дуьненаюкъара барамийн системан (СИ) дохаллин дустаран барам, СИ коьрта барамех ворхӀаннах цхьаъ. Иштта бу дохаллин барам, юкъабоьду коьртачу барамашна МКС, МКСА, МКСК, МКСГ, МСК, МКСЛ, МСС, МКГСС, МТС системашкахь. Цул сов, массо а хьахийначу системашкахь метр — барам бу техкаран хьекхадалар коэффициентан, тулгӀенийн йохаллин, паргӀата дадаран дохаллин, некъан оптикан бохаллин, фокусан юкъаметтиган, комптонан тулгӀенан йохаллин, де Бройлан тулгӀенан йохаллин, барамаллин кхечу физикан барамийн[4].

Метр
公尺, মি, m[1][2][3], متر, м, മീ., m, м, м, , م, மீ, μ, м, m, , , м, m[1], m, m, m, m, m, m, m, м
Барам йохалла
Система СИ
Эталон ю
Тайп коьрта

Лелаш йолчу билгалонца, метр ю, серло вакуумехула хенан интервалехула 1/299 792 458 секундехь чекхйолуш йолу новкъан бохалла[5][6].

Метран билгало

Таханлера метран билгало хенан а, серлонан сихаллин а терминашкахь тӀеэцна XVII Барамашца а, терзанашца а йолу инарлан конференцехь 1983 шарахь[5][6].

Метр — серло вакуумехула хенан интервалехула 1/299 792 458 секундехь чекхйолуш йолу новкъан бохалла.

Оцу билгалонера схьадолу, СИхь вакуумера серлонан сихалла тӀеэцна нисса 299 792 458 м/с. Иштта, метран билгало, ши бӀешо хьалха санна, юха йихкина ю секундех, амма хӀинца универсалан дуьненан константийн гӀоьнца.

Кховдийна керла билгало

XXIV Барамашца а, терзанашца а йолу инарлан конференцехь 2011 шеран 17—21 октябрехь тӀеийцира резолюци[7], цунна чохь кховдийна ду, масала, хин йолчу Дуьненаюкъара барамийн системан ревизехь коьртачу барамийн ерриг билгалонаш керлачу цхьаьнакепарчу тайпана билгалъяккхар[8]. Хила тарло метран керла билгало, юьззина йолчуьнца эквивалентехь йолу, резолюцехь иштта кепара билгалъяьккхина[8]:

Метр, билгалдаккхар м, дохаллин барам бу; цуьнан барам хӀоттабо вакуумера серлонан сихаллан терахьан барам нисса 299 792 458 бехкарца, иза гайтинехь СИн барамехь м•с−1.

2014 шарахь хилла XXV Барамашца а, терзанашца а йолу инарлан конференцехь, барт хилла СИн ревизии яран кечаман болх дӀабахьа, цунна юкъахь метран керла билгало а ю, Ӏалашо хӀоттийна и болх чекхбаккха 2018 шарахь, йолуш йолу СИ керлачу вариантаца 2018 шарахь хийца XXVI Барамашца а, терзанашца а йолу инарлан конференцехь[9].

Декъалун а, дакъошкара а терхьаш

СИ дуьззина официалан гойту, Барамийн а, терзийн а дуьненаюкъара бюроно зорба тоьхна СИ брошюран (фр. Brochure SI, инг. The SI Brochure) лелаш йолчу редакцехь, иттаннашна декъало а, дакъошкара метран барам кхуллу стандартан СИ тӀехӀиттамаш[10]. Российн Федерацин Правительство тӀеэцна «Российн Федерацехь могуьйту барамийн терахьийн хьоло», тарболуьйту РФ иштта тӀехӀиттамаш лелор[11].

Кеп:Декъало а, дакъошкара а терхьаш

Декъало а, дакъошкара а терхьаш лелоран масалаш Оьцург Дакъа масала Оьцург Дакъа Масала
103 километруггаре дуьненахь лекха гӀишлон локхалла — 0,8 км 10−3 миллиметркегийрачу сагалматийн барамехь — ~1 мм
106 мегаметрПарижан а, Мадридан а юкъаметтиг — 1 Мм 10−6 микрометрбактерийн барамера тайпа — ~1 мкм
109 гигаметрМелхан диаметр— 1,4 Гм 10−9 нанометруггаре кегийра вирусаш — ~20 нм
1012 тераметрСатурн орбитан радиус — 1,5 Тм 10−12 пикометргелийн атоман радиус — 32 пм
1015 петаметрсерлонан шо — 9,46 Пм 10−15 фемтометрпротонан диаметр— 1,75 фм
1018 эксаметрАльдебаране барам — 0,6 Эм 10−18 аттометргӀийла уьйран амалан радиус — 2 ам[12]
1021 зеттаметрвайн галактикан диаметр — ~1 Зм 10−21 зептометр
1024 иоттаметррадиус «Меттигера галактикан лакхара гулъялар» — ~1 Им 10−24 иоктометр

Кхечу барамашца йолу юкъаметтиг

Метран барам, СИ юкъа ца богӀучу барамца гайтина СИ юкъа ца богӀу барам, гайтина метран барамца
1 метр39,37дюйм               1 дюйм0,0254метр
1 сантиметр0,3937дюйм 1 дюйм2,54сантиметр
1 миллиметр0,03937дюйм 1 дюйм25,4миллиметр
1 метр1×1010ангстрем 1 ангстрем1×10−10метран
1 нанометр10ангстрем 1 ангстрем100пикометр

Билгалдахарш

1. 6.5.2 // Quantities and units—Part 1: General — 1 — ISO, 2009. — P. 17. — 41 p.

2. 3-1.a // Quantities and units—Part 3: Space and time — 1 — ISO, 2006. — 19 p.

3. 3-17.a // Quantities and units—Part 3: Space and time — 1 — ISO, 2006. — 19 p.

4. Деньгуб В. М., Смирнов В. Г. Единицы величин. Словарь-справочник. М.: Издательство стандартов, 1990. — С. 77—82. — 240 с. — ISBN 5-7050-0118-5
5. Определение метра(ингалс.) Резолюция 1 XVII Генеральной конференции по мерам и весам (1983)
6. Положение о единицах величин, допускаемых к применению в Российской Федерации. Основные единицы Международной системы единиц (СИ). Федеральный информационный фонд по обеспечению единства измерений. Росстандарт. Теллина 2018 шеран 28 февралехь.
7. On the possible future revision of the International System of Units, the SI Resolution 1 of the 24th meeting of the CGPM (2011)
8. The «explicit-constant» formulation Архиван копи 11 августехь 2014 дуьйна Wayback Machine тӀехь(ингалс.) на сайте Международного бюро мер и весов
9. On the future revision of the International System of Units, the SI (ингалс.). Resolution 1 of the 25th CGPM (2014). BIPM. Теллина 2015 шеран 9 октябрехь.
10. SI brochure Официальное описание СИ на сайте Международного бюро мер и весов
11. Положение о единицах величин, допускаемых к применению в Российской Федерации. Десятичные множители, приставки и обозначения приставок…. Федеральный информационный фонд по обеспечению единства измерений. Росстандарт. Теллина 2018 шеран 28 февралехь.
12. Кеп:ФЭ

Литература

This article is issued from Wikipedia. The text is licensed under Creative Commons - Attribution - Sharealike. Additional terms may apply for the media files.