Германи

Герма́ни (нем. Deutschland), официалан цӀе — Федерати́вн Респу́блика Герма́ни (нем. Bundesrepublik Deutschland), ФРГ (нем. BRD) — Юккъерчу Европан пачхьалкх. Майда — 357 408,74 км²[8]. Бахархойн барам 31.12.2015 шо — 82 175 684 бахархой[9].
Дуьненахь бахархойн барамца 16-гӀа меттигехь ю (2-гӀа Европехь) цул совнах майданца 62-гӀа меттигехь ю.

Федеративан Республика Германи
Bundesrepublik Deutschland
Байракх ХӀост
Девиз: «Цхьаалла, бакъо, маршо[1]
нем. 
Einigkeit und Recht und Freiheit[2]»
Шатлакхан Илли: «третья строфа «Песни немцев»»

Германи ю (таьIна-баьццара):
Европехь (сирла-баьццара а таьIна-мокха а)
Европан союзехь (сирла-баьццара)
Официалан мотт Немцойн мотт[прим 1][прим 2]
Коьрта гӀала Берлин
Яккхий гӀаланаш Берлин, Гамбург, Мюнхен, Кёльн, Франкфурт-на-Майне
Урхаллин тайпа Федеративан парламентан республика
Федеральни президент
Федеральни канцлер
Йоахим Гаук
Ангела Меркель
Латта 62-гӀа дуьненахь
  Дерриг 357 021 км²
хина тӀехле 2,42 %
Бахархой
  Мах хадор (2011) 80 523 746[3] стаг
  Ларар (2011) 80 219 695[4] стаг
  Дерриг (2011) 3,089 трлн[5] долл.
ДЧС (мах)
  Дерриг (2009) 3,235 трлн[5] долл.
  ХӀораннан а сина 19 долл. (19-гӀа)
АДКМ|ИЧР (2013) 0,920[6] (лакхара.; 5-гӀа меттиг)
Бахархойн цӀерш немцо, немцой.
Ахча Евро (EUR, код 978)[прим 3]
Интернет-домен .de, .eu (как член ЕС)
Код ISO DE
Код МОК GER
Телефонан код +49
Сахьтан асаш +1 (аьхккий +2)
Автомобилийн некъаш аьтту[d][7]

Коьрта гӀала — Берлин. Пачхьалкх — немцойн. 65 % герга бахархой керста динлелош бу.

Пачхьалкхан дӀахӀоттаран кепца федеративан пачхьалкх ю цуьна юкъахь ю 16 административан-территорин дакъош — федералан латтанаш (Бавари а, Баден-Вюртемберг а, Берлин а, Бранденбург а, Бремен а, Гамбург а, Гессен а, Мекленбург-Хьалха Померани а, Лаха Саксони а, Рейнланд-Пфальц а, Саар а, Саксони а, Саксони-Анхальт а, Къилбаседа Рейн-Вестфали а, Тюринги а, Шлезвиг-Гольштейн а). Пачхьалкхан урхалин кеп ю — парламентан республика.

Европан бертан юккъехь ю, Германин гонахьа бу Балтийн а, Къилбаседа а хӀордаш. Дозанаш ду Даница къилбаседехьа, Польшца а, Чехица малхбалехьа, Австрица а, Швейцариа къилбехьа, Францица а, Люксембургца а, Бельгица а, Нидерландашца а малхбузехьа.


Географи

Дозанца йолу пачхьалкхаш: къилбехьа — Швейцари, Австри, малхбалехьа — Польша, Чехи, малхбузехьа — Нидерландаш, Бельги, Франци.

ТӀие

Германин топографии

Германин къилбаседехьара дакъа шен заманахь кхолла ела аренан тогӀе ю Къилба-Германин тогӀе, уггар лахара тӀадам Нойендорф-Саксенбандехь бу Вильстермарш цӀе йолу коммунехь, хӀордан сизал 3,54 м лаха. Юккъера декъехь тогӀена гӀоьрттина хьуьн йолу ламанан кӀажа ю, ткъа къилбехьо долалуш ду Альпаш (Германин латтан техь уггар лекха тӀадам бу — Цугшпитце цӀе йолу лам, 2 962 метр).


Истори

Дуьххьара шира германхой хьахийна ширчу грекийн а, румхойн а белхашкахь. Уггаре хьалха хьахийначех цхьаъ ду 98 шо. Иза яздина руман историко Тацита (лат. Tacitus). ХӀинцалерачу Германин берриг мохк Эльбан малхбале (славянийн Лаба) X бӀешо кхаччалц дӀалаьцна яра славянийн тайпанаша[10]. (уллера хьажа: полабийн славянаш). XIIXIV бӀешерашкахь и латташ доьд-доьдуш юкъадахара тайп-тайпанчу немцойн пачхьалкхийн кхолламашна, оцу хенахь хӀоттаман дакъа Сийлахь-Йоккха Руман Империн. Хан мел йолу меттигерачу славянашна массарна а санна ассимиляци йира немцоша. И процесс яхъелира Юккъера бӀешерийн чеккхенгара, керла зама йолаяллалц, ткъа меттигашкахь, тӀеххьарчу, хӀинца а юьззина ассимиляци янза долчу славянийн къоман — лужичахойн, хӀинци а йоьдуш ю.

Руман импери йоьхначул тӀаьхьа Малхбузан Европехь кхоллаелира Франкийн пачхьалкх, цул тӀаьхьа кхо бӀе шо даьлча, Карл Сийлахь-Воккха волуш, империи хилира (800 шо). Карлан империс дӀалацнера хӀинцалерачу цхьа могӀа пачхьалкхийн мехкаш, царна юкъахь Германи а. Амма Карлан импери дукха ца лаьттира — оцу императоран кӀента бераш йийкъира иза шайна юкъахь, кхоллаелира кхоъ пачхьалла — Малхбуза-Франкийн (тӀаьхьа Франци), Малхбале-Франкийн (тӀаьхьа Германи), Юккъера паччахьалла (сихха екъаелира Италин, Провансан, Лотарингин).

Германин пачхьалкх кхолларан ламаст хилла терахь ду 962 шеран 2 февраль: оцу дийнахь малхбаленфранкийн паччахьан Оттон I-чун таж а тиллина Румехь, Сийлахь-Йоккха Руман Империн император хилира; и импери лаьттара мехкийн (нем. Land) конфедерацех, хӀоранна а дара шен эскар, арахоьцура шайн ахча. Сийлахь-Йоккха Руман Импери коьртехь лаьттара император, иза хоржура курфюрстийн кхеташоно, мехкийн векалийн меже яра, — Рейхстаг (нем. Reichstag). ХӀора а махкехь яра сословин монархи ландтаг (нем. Landtag).

Иштта хьал лаьттира 1806 шо кхаччалц, Наполеон I-чун Ӏаткъамца йохийра Сийлахь-Йоккха Руман Импери, ткъа цуьнан император волавелира Австрийн императоран дарж лело. Немцойн пачхьалкхийн барм хаъал охьабелира, кхоьллира Рейнан Союз, иза а яра иштта маьршачу мехкех лаьттачу конфедераци. Рейнан Союзан коьртехь лаьттира Федералан Президент (иза вара Французийн Император) а, шеш долу мехкийн меже — Бундестаг (нем. Bundestag) а.


Пачхьалкхан дӀахӀоттам

Бакъонийн система

Суьрташ

Административан екъаялар

хьажа иштта Германин латтанаш

Германи ю — федеративан хӀоттам болу пачхьалкх; цуна юкъайогӀуш ю 16 цхьаттера бакъонаш йолу регионаш — латтанаш (land)

ЛаттаКоьрта гӀалаЛаттан немцойн маттахь цӀеКоьрта гӀалин немцойн маттахь цӀе
1. Баден-ВюртембергШтутгартBaden-WürttembergStuttgart
2. Маьрша латта БавариМюнхенFreistaat BayernMünchen
3. БерлинБерлинBerlinBerlin
4. БранденбургПотсдамBrandenburgPotsdam
5. Маьрша ганзейн гӀала БременБременFreie Hansestadt BremenBremen
6. Маьрша ганзейн гӀала ГамбургГамбургFreie und Hansestadt HamburgHamburg
7. ГессенВисбаденHessenWiesbaden
8. Мекленбург-Хьалхара ПомераниШверинMecklenburg-VorpommernSchwerin
9. Лаха СаксониГанноверNiedersachsenHannover
10. Къилбседа Рейн-ВестфалиДюссельдорфNordrhein-WestfalenDüsseldorf
11. Рейнланд-ПфальцМайнцRheinland-PfalzMainz
12. СаарСаарбрюккенSaarlandSaarbrücken
13. Саксони (латта)ДрезденFreistaat SachsenDresden
14. Саксони-АнхальтМагдебургSachsen-AnhaltMagdeburg
15. Шлезвиг-ГольштейнКильSchleswig-HolsteinKiel
16. Маьрша латта ТюрингиЭрфуртFreistaat ThüringenErfurt

Галерей

Билгалдахарш

  1. http://www.rfhwb.de/Docs/Februar%20April%202012/FRG%20-%20obschaya%20inf.%2014.04.12.pdf
  2. "„Die zentralen Worte daraus, „Einigkeit und Recht und Freiheit", waren zum offiziellen Wahlspruch der BRD erhoben worden." - Peter Ebenbauer, Christian Wessely und Reinhold Esterbaue: Religiöse Appelle und Parolen: Interdisziplinäre Analysen zu einer neuen Sprachform, Kohlhammer, 2008, S. 84 Online
  3. Zensus 2011: Bevölkerung am 9. Mai 2011. Retrieved 1 June 2013.
  4. Germany. International Monetary Fund. Архив йина хьалхара хьостан чура 2011 шеран 22 августехь. Теллина 2009 шеран 1 октябрехь.
  5. Germany — Country profile of human development indicators
  6. http://rammb.cira.colostate.edu/dev/hillger/driving-customs.htm
  7. Bundesländer mit Hauptstädten nach Fläche, Bevölkerung und Bevölkerungsdichte am 31.12.2015, im Juli 2017 wegen korrigierter Fläche revidiert.
  8. AUF EINEN BLICK Bevöl­kerung (31.12.2015).
  9. Племена Средней и Северо-Восточной Европы (VI—I вв. до н. э.) Архивацийина 30 апрелехь 2010 шеран.


  1. Юстицин Федеральни министерство (нем.)
  2. Немцойн литературни мотт кхоьллина бу лакхаранемцойн диалектан бух тIехь. Датски, лужицки, фризски, цыганийн меттанаш, къаьмнийн кегийрхойн меттанаш ду аьлла, тIеэцна ду. Лахаранемцойн мотт - региональни диалект лерина ю.
  3. 2002 шо кхаччал — немцойн марка.
This article is issued from Wikipedia. The text is licensed under Creative Commons - Attribution - Sharealike. Additional terms may apply for the media files.